ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин президентан инаугураце шайн Киевера векал хьажийна Кремло


Украинин керлачу президентан инаугурацехь дакъалоцуш яра 60 гергга кхеча пачхьалкхашкара делегацеш. Царах ткъе кхаанна коьртехь бара пачхьалкхийн куьйгалхой а, премьер-министрш а, парламентийн спикерш а, дуьненаюкъарчу организацийн куьйгалхой а.

Царна юкъахь вара Iамеркан вице-президент Байден Джо а, Полшин а, Белорусин а, Литван а президенташ Коморовский Бронислав а, Лукашкенко Александр а, Грибаускайте Даля а, Швейцарин федералан президент, ОБСЕ-н карарчу хенахь волу гIантда Буркхалтер Дидье а, Канадин премьер-министр Харпер Стивен а, Европан кхеташонан президент Ромпей Херман а, ОБСЕ-н инарла-секретар Дзанньер Ламберто а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла-секретаран когаметта Фелтман Джеффри а.

Оьрсийчоьнан цIарах цу церемонехь дакъалоцуш вара оьрсийн Киевехь волу векал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG