ТIекхочийла долу линкаш

Порошенкон инаугураци хилла Киевехь


Украинин пхиолгIачу президентан Порошенко Петрон инаугураци хилла тахана Киевехь. Цигахь ша динчу къамелехь цо дIахьедар дина, «Украинин цхьаалла ларъян а, иза чIагIъян а дагахь ву ша аьлла. Порошенкос хаам бира гергарчу хенахь Украинин малхабалерчу кIошташка ваха дагахь ву ша аьлла. Донбассехь хенал хаьлха харжамаш дIабахьа дагахь ву Украинин керла президент. Порошенкос кхайкхам бира сепаратисташка герз охьадилла аьлла. Цо ч1аг1дарехь, адамаш дайина боцучу нахана а, Донбассехь террорахошна ахча латтийна а болчу нахана амнисти йир ю 1едалша.

Порошенко Петрос элира Оьрсийчоьно ницкъаца дIалаьцна ГIирма, амма иза хилла а ю, хир а ю Украинин территори аьлла. Цо дIахьедар дира Украина муха пачхьалкх хила еза бохучу хаттарехь а, ГIирма хьена ю бохучу хаттарехь а цхьана а кепара маслаIат леха дагахь вац ша аьлла. Порошенкос дош делира ма-хуьллу сиха Евробертаца ассоциаци яран бертан тIе куьг таIо.
XS
SM
MD
LG