ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Серби а ю оьрсийн газан биргIанна дуьхьал



Болгарино шен махкахула чекхъяла еза оьрсийн газан биргIа хIоттор (Южный поток – Къилбенан Iаьс) сацорцана, ша изза до шен лаьтта тIехь а, аьлла, даржийна Сербино а.

Цигарчу Iедалан ден гIовса, энергетикан министра Михайлович Зорана хаам бина, Болгарино а, Европан Берто а юкъахь сацамаш баллалц, Украина юьстах а юьтуш Оьрсийчуьра схьа юьллуш йолу биргIа йогIар шаьш а сацадо, аьлла.

Амма ИТАР-ТАСС агенталло даладо Сербин премьер-министран Вучич Александран дешнаш, цкъачунна официалехь бина сацам бац, аьлла цо. Ткъа Болгарино биргIа яр ша сацадо алар тIечIагIдира кIирандийнахь цигарчу Iедалан гIантдас Орешански Пламена.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG