ТIекхочийла долу линкаш

МаслаIатан комисси: Хьалхачул дуккха а лахъелла нохчийн оьздангалла


Борз даръелла

Борз даръелла

Вовшашца эгIна, вовшашца девнехь беха доьзалш маслаIате балош болх бо Нохчийчохь. И меле болх дIакхоьхьучу комиссин декъашхошца къамел дира оха.




ДIадахначу мукъаденошкахь Волгоградан кIоштахь, нохчийн ши доьзал вовшахлетта. Деххачу шерашкахь Скворин олучу юьртахь лулахь бехачу шина доьзалера, цхьа къовсам юкъа а боьлла, кегий а, баккхий а нах девне бевлла, герзаш а детташ. Тахана дарбан хIусамехь ву шина а агIорара 8 стаг.

Цигарчу Iедалшна а ца хаа, дов муьлхачу бахьаненна даьлла, амма,цара а даредо, дукха хенахь дуьйна вовшашка гамо йолуш бехара уьш, бохуш. Хилларг хIинца толлуш ю полици. Шаьш нохчий хиларе терра, баккхийчу нахе а дала мегаш ду доьзалийн дов. Гарехь, маслаIатна уьш гуллур бу Нохчийчохь.

Таханлерачу нохчашлахь иштта оьзда доцу девнаш дийлар алсам ду бохуш тоьшалла до цхьаболучара. Девнаш, аьрзанаш, иштта кхин дIа а дукха хуьлу боху цара. Рукманов Салман кхозлагIчу агIонан кхелан декъашхо ву (оьрсаша «третейский суд» а олу цунах). Цо дуьйцу, нохчийн телхаш лаьттачу а, телхинчу а юкъаметтигах.

Рукманов: «Дукхачу хьолехь, йохкар-эцарехь, Iехорехь, тиллорехь, хIума яхьна, ейна, бохуш, сертификат даьхьнера, и санна долу доьвнаш дукха хуьлу-кх. Доьзалшна юккъера гIуллакхаш а хуьлу».

Дукхачу хьолехь, шаьш толлучу доьвнийн башхаллаш, йохькIаме ца хуьлу аьлла хета Рукманов Салманна. Вашас-вешийн бехк боккхуш, я йишас-йишина арз деш, дукха масалш ду. Эхь а бехк а хадош болу зил хадийна наха, аьлла кхин дIа а дуьйцу цо.

Рукманов: «Делан возлора, шуьйра даьржина а, дукха эвхьаза а ма даьлла и гIуллакх. ГIилалкх тIера доьхна, доьналлина тIера а доьхна. Вай дайшна юккъахь хилла дац и хIуманаш. Галдаьлла доьдуш ду-кх хIара»

Шина стагна юкъахь довдаьлча, уьш маслаIате ца кхайкхахь, гуттар а чолхе доьрзу хьал, бохуш дуьйцу Рукманов Салмана. И болх шаьш сацош бац, элира цо.

Рукманов: «Ахь йоккха топ тоьхча а, аьрха амал йолуш дукха нах хуьлу. Зударийн шай амалш-гIилалкхаш ду, божарийн а иштта ду. Хала хуьлу и хIуманаш листа, амма дайшкара Iадаташ карла а дохуш, иштта ду, иштта ду, олий, кхето гIерта. И белхаш бо-кх оха».

Нохчийн синкхетам айбеш, махкахь даиманна дуьйцуш а, олуш а, хьоьхуш а доллушехь, хIунда дуьйли нахера зуламаш,бохучу хаттарна иштта жоп делира Рукманов Салмана.

Рукманов: «ЧIогIа хийцаделла ду хIара хьал. Сайна хетарг а, гуш дерг а боху ас. Тахана кху чохь (махкахь) хаза кхетамаш а бу, хьехамаш а бу, гIиллакхаш а, мотт а карлбоккхуш бу, хIетте а, цхьа тамашена еана зама хир ю-кх хIара. Ас айса а хоьтту баккхийчаьрга. Со кхеташ вац кху балхах. Доьхна-кх хIара гIуллакх».

Цкъацца мотталой, стага вер-ваккхар дича юкъадоьлла дов дерзало, масала, лулахошна юккъахь кхоллаеллачу хьагI-гамонца дозург. Цхьа кIира хьалха Соьлж-гIалахь, нах юккъе а гIоьртина, дерзийра ши лулахо вовшахлетта дов. Иза цу шинна юккъахь дуьххьара хилла а дац. Моситтаза вовшахлетта хилла и шиъ.

Тамашена ду, къуьйсуш я латта а, я доза а дац. Дар-дацар тIехула доладелла и дов. ХIинца уьш куьйге бохуьйтучохь мочхаллаш а къуьйлуш, дуьхь-дуьхьал ца хьажа а гIоьрташ лаьттара ши жима а воцу стаг. Шинна а букъ тIехьа лаьтташ бара церан кIентий, буйнаш а бина, бIаьргашца суйнаш а детташ. Амма барт хилира церан...вовшашка цара куьйгал ца деллехь а....

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG