ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь рогIера гIала а яьккхина тIемалоша



Иракъан премьер-министра мехкан парламенте кхерамзаллин раж кхайкхор дехна уггаре яккхийчех йолчу Мосул гIаланна оршоьтан буса Ал-Кхаидан а, исламан Иракъ а, Левант а пачхьалкх кхолла гIертачу а ницкъаша дIалацарца доьзна.

Тоьллачу герзашца болучу тIемалоша Нениви провинцин шахьар Мосул йоккхуш, полицин набахтешкара мукъабаьхна тутмакхаш. Парламентан спикера ал-Нуджаифи Iусамас дийхира БагIдаде Мосуле эскарш хьовсор. Иккхинчу тIамо къахкийна, гIалара уьдуш бу бахархой. Иракъера Рамади, Эл-Фаллудж гIаланаш гIаттамхойн карахь йолу а ду ах шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG