ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцовс Украине нохчий кхачар таллар доьху


Политика-оппозиционера Немцов Бориса федералан кхерамзаллин урхаллан (ФСБ) буьйранче Бортников Александре кехат дахьийтина, Оьрсийчоьнан-Украинан доза а хадийна, Донбассе тIемалой бахар талла доьхуш. Немцовс яздо шен кехата тIехь, доза а хадош украинахошца тIемаш бан баханарш нохчий бу бохуш.

Шайн дозанхошца боцца тIом а бина, шайн махка герзахой чекхбовлар тIечIагIдина Украинерчу урхаллаша а. Немцовс дина дехар жоп доцуш дуьсур ду аьлла хета Оьрсийчуьрчу тергамхошна. И элира, масала, Москох адвокат волчу Трунов Игора, оппозиционеро шен пиар еш яздина кехат, аьлла, тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG