ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаькам муха сацало къола ца деш!


Кхаъ оьцуш
Кхаъ оьцуш

Ерриг а Оьрсийчоьнца еха коррупци йойла дац беккъа схьаэцначу цхьана махкахь, цигахь мел луьра Iедал хьийзарх а. Нохчийчохь цхьа дакъа хьаькамаш чубоьхкина хан-зама ялале лецна, набахте хьажо безаш нисла къоланаш дарна керланаш а.




Iедалан хаамийн хьостанашка ладоьгIча, халкъан дуьхьа бала а кийча а болуш, мохк а, къам а ирсе дан гIерташ, шаьш ца кхоош, нийсонан, бакъонан агIончаш а хилла, хьаннал къахьоьгуш бу махкахь куьйгалхой. Цу тIе Далла Iамал чIогIа еш, вуно суьпа нах-хьаькамаш санна а буьйцу Iедалдай официалан хьостанаша. Бакъду, цхьа хан яьлча гучудолу, лаккхарчу тIегIанахь тешам а белла, туьйранашкахь вийцинчу хьаькамо шен хьал алсамдаккха харцонаш лелаяр, миллионашкахь Iедалан ахча диъна хилар а.

Цу декъехь билгалваьлла Хьалха-Мартанан гIалинда лаьттина Вагапов Ризван. Хьарам ахча доладаьккхина аьлла цунна дуьхьала бехк токхаман гIуллакх а долийна, суьде цуьнан дов чуделла ши шо сов зама яьллачул тIаьхьа, кху деношкахь кхел кхайкхийна 60 эзар гергга стаг вехачу Хьалха-Мартанан коьртехь лаьттинчу Iедалдена, набахтехь яккха цунна кхайкхийнарг ю 3.5 хан.

Цул сов цуьнан бакъо яц шина шарахь эха шарахь хьаькамаллин даржехь болх бан. Беламе хеталург ду и тIаьххьарниг. Хьаькам гIанта и муха хуу 3.5 набахтехь такха дезаш хилча? Оццул хан тоххал Вагаповна бехке диллинарг ду цо харц кехатийн бух тIехь 4 миллион 800 эзар сом ахча доладаккхар.

«Вагапов Ризвана гIала тоеш, битаме ялош къахьегарна аьлла, харц кехаташ а кечдина 5 миллион гергга ахча »Беркат» цIе йолчу бахархойн хьаш-дезарш луьстучу хьукхмата чоьта тIе даьккхина, цуьнан директорца Мусалов Хьумидаца берта а вахна. Ишта ши шо хан тоьхна цу Мусаловна а. Талламхоша гулдинчу тоьшаллашца и харцонаш цара лелийна 20I0 шеран итт баттахь, Нохчийчохь,Iедалан балхахь мел болу бахархой юкъа а ийзош, тIаьхьий-хьалхий дIахьуш субботникаш олу белхеш болчу муьрехь.

Кхузахь суна дало лаьа оццу 20I0 шеран Iаьнан тIаьххьарчу чиллана баттахь журналистана Акуева Румисина интервью луш цу маьхькIамхочо дина къамел: « Делан а, Кадыров воккхучуьнан а лаамца тIом дIабаьлла, машаре денош дIахIиттина… ТIеман ларш йоцу хьесап ду, нехан дахар кхио, тодан хан кхаьчна…

Коьртачех коьрта хаттар ду, тхан президента Кадыров Рамзана мА-аллара тIекхуьу чкъор кхетош-кхиор… Мехкан куьйгалхоша вуно чIогIа тидаме эцна и хаттар. Ишколаш, лазарнеш, берийн бошмаш, спортан гIишлош ю еш. Оха кхузахь,тхайн махкахь, ялсаманин маьIиг йича а цуьнан кхане яц, нагахь кху чохь бехаш берш йоза-дешар ца хууш, синбахаман кIезгалла йолу, синмехаллаш ца евза, оьздангаллина генара нах белахь…»

Цу хенахь Хьалха-Мартанан гIантда ша волуш цо динчу къамелан цхьа жима кийсик ю ас ялийнарг. Талламхоша чIагIдарца, и деза-доккха къамел дина чиллана дIабаьлча итт баттахь мартанхошна 5 миллион сом барамехь къоланаш дина цу Iедалдас. «Синмехаллаш дукха ю,-бах хIетахьлерчу шен къамелехь Вагапов Ризвана,- делах тешар а, яхь а, эхь а, къоман куралла а, Даймохк безар а… Вай маьрша,кура кIентий а, оьзда,цIена мехкарий а кхио беза…»

Цул тIаьхьа цуо лелийначу хьарамло-харцонаша мА гайттара, иза дуьйцуш цхьаъ, лелош кхин долуш шалхонаш, кхалхонаш лело говза хьаькам, Iедалда хилла. Схьагучу суьртехь, могIарерчу бахархоша дийцарехь и саннарш ког баькх-баьккхинчохь хуьлчух тера а ду Нохчийчохь. Цунна даре до, лаккхарчу даржашкахь, нехан кхолламаш листина хьаькамаш кест-кеста кхеле ийзабаро а.

Инарла прокуратуран хьостано хаме даккхарца хIинцца суьде кхачийн «Чеченгазпром» коьртехь лаьттинчу Берсанов Вахидан дов. Иза бехке веш ву 35 миллион сом барамехь ахча лачкъорна. Цул сов 2003-2004 чуй шерашкахь, белхошна синан а, дегIана бинчу эшамна суьдаша «Чеченгазпром» декхарийла йина хилла 5млн. сов ахча къинхьегамхошна дIакхачо.

Прокуратуро хааме даккхарца инарла директор волчу Берсановс кхочуш ца бина кхелийн сацамаш. Талламхоша ишта билгалдоккху еххачу хенахь бехке лоруш верг, жоьпаллех хьалха вала дагахь,паспорт а хийцина, кхечу цIар тIе а ваьлла,Iедалх уьдуш лелла хилар. Кхузара цуьнга кховдийна бехкаш хилла а ца Iа цхьаъ я шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG