ТIекхочийла долу линкаш

Лахабаьккхина Кремло Украинана юхкучу газан мах



Украино газах долу дийцарш доцче доху шена шатайпа мехаш боьхуш, дIахьедина президента Путин Владимира. Кхаарий дийнахь цо премьер-министр Медведев Дмитрий декхаре вина и мах 485 долларера 385 долларе охьабаккха. Экспортан ял тIераяккхарца лахбеш бу мах.

Амма Украинана кхин а йораха еза газ, Киевца юкъаметтигаш хийцалур ю Оьрсийчоьнан, хIоттийначу механа иза хIинца а реза ца хилахь, бохура Путина. Газпроман куьйгалхочо Миллер Алексейс массех сахьт хьалха даржийра, ша Украинана кIира делла, шена газ эшахь, цуьнан мах хьалххе охьабилла, аьлла. Цо бахарехь, Европано юкъарло а лелош, дIахьош ду Брюсселехь газах долу дийцарш.
XS
SM
MD
LG