ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ах Иракъ ю цигарчу гIаттамхойн карахь



Иракъан парламенто, оьшшучул депутаташ а ца гулбелла, юкъахяьккхина еарийн денна лерина хилла кхеташо. Цигахь дийцаре дан дезаш дара махкахь цIеххьана хийцаделла хьал – суннаташа керла гIаланаш дIалецар. Премьер-министран ал-Малики Нурин дехарца тIемалошна дуьхьало ян некъаш карон безаш ю парламент.

Кхаарий дийнахь рогIера гIала Тикрит дIалаьцна Исламан пачхьалкх Иракъ а, Леванта а кхолла арабевллачу ницкъаша. Цул хьалхарчу дийнахь яьккхинера тIемалоша Мосул-гIала, лачкъийра цигара 80 Туркойчоьнан вахархо.

ХIинца Иракъехь даьржина уьш БагIдад яккха боьлху боху хабарш. Изза кхерам лаьтта кхечу йоккхачу гIалина Киркукна тIехь а дуьйцу бахархоша. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамзаллин Кхеташо ю Иракъера хьал дийцаре деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG