ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера антитерроран операци емалйо Оьрсийчоьно



Оьрсийчоьно дIахьедина, ша гIайгIане ю Украинан малхбалера къепедацарш дерзорехь прогресс яцарна, аьлла. Арахьарчу гIуллакхийн министран Лавров Сергейн еарийндийнахь шайца хилла къамел даржийн оьрсийн агенталлаша. «Лело дихкина герзаш – цIе тосу бомбанаш, масала – юкъадаьхна Украинан эскарша. Гена дац цига машарбаран эскарш хьовсо а», - бохура Лавровс.

Оьрсийчоьно Цхьанакхеттачу Къамнийн Организацин Кхерамзаллин кхеташоне Украинерчу хьолаца йоьзна резолюцин проект хьажийна Оьрсийчоьно, цо къастабо Европан кхерамзаллин а, цхьана болхбаран а кхеташонна машарна оьшу некъ, аьлла Лавровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG