ТIекхочийла долу линкаш

Мариуполь террорхойх цIанйина Украино




Мариупол-гIала, цигара террорхой а бохош, юхадолаерзийна ша, аьлла дIахьедина Украинан Iедало. Фейсбукехь хаам бина оцу хьокъехь чоьхьарчу гIуллакхийн министра Аваков Арсена. «ПIераскандийнан Iуьйранна цхьайтталгIачух ах даьлча Iедалан ницкъаша администрацин цIенна тIе Украинан байракх тоьхна. 5 сепаратист вийна, эскарера ши салти лазийна, яздо Аваковс.

Еарийдийнахь Украинан президента Порошенко Петрос телефонехула шен резавацар дIахьединера Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Оьрсийчоьнан доза а хадийна, Украине кхо танк а, дуккха а герз а кхаьчна террорхошна гIоьнна, аьлла яра Киеван протест.
XS
SM
MD
LG