ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркара сержант мукъаваьлла йийсарх 5 шо даьлча



ОфхIанистанерчу тIалибийн карахь 5 шо а даьккхина, цIавирзина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн эскархо сержант Бергдал Боу. Сан-Антонио гIаларчу дарбан цIийне кхачийна иза – Техас-штат, пIераскандийнахь. Iамеркан Куба-гIайри тIерачу Гуантанамо-набахтерчу пхеа тIалибца хийцира Бергдал ши кIира хьалха. Иштта иза мукъаваккхар шеца дагадовлар а доцуш нийса дац, аьлла, президентан администрацига дIахьедина Iамеркан конгрессан декъашхоша.

Ткъа Бергдалца цхьаьна эскарехь хиллачу цхьаболчу салташа иза шен лаамехь веддера эскарера бохуш чIагIдора 2009-чу шарахь иза цIеххьана вайча.
XS
SM
MD
LG