ТIекхочийла долу линкаш

Кавказерчу набахтешкахь мацалла лаьцна тутмакхаша



Кавказерчу шина набахтехь мацалла кхайкхийна кху деношкахь чохь кхелаша шайн кхолламаш къасторе садетташ бехачу наха. Нальчикерчу СИЗО-1 изоляторехь 11 шарна шайна тIехь кхел еш долу 50 тутмакхо а кхайкхийна мацалла. 2003-чу шарахь шахьарахь гIаттам айбина хилла нах бу уьш.

Бахьана адвоката Шак Лизас иштта дийцира оцу хьокъехь: «Набахтин куьйгалло шога талхайо бакъонаш, ца йолуьйту чу юург, таIзар до». Шайга динан хьашташ кхочуш ца дойту, мархин бутт тIекхочуш марханаш кхаба оьшучу хьелех хедийна, бохуш бу Нальчикерчу набахтера леткъамаш.

Соьлж-ГIаларчу ханна нах чохь латточу СИЗО-1 шех олучу набахтехь 13 стаг ву юуучух ваьлла цигахь шайга мажош а ца лелайойту, низамехь йоцу кхийолу гIелонаш а латтайо шайна тIехь бохуш. Маршо Радиоца зIене яьллачу царех цхьаьннан Тангиев Тимуран нанас бира и хаам.
XS
SM
MD
LG