ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь - президентан харжамаш



ТIалибаша кхерамаш туьйсучу юкъанна, ОвхIанистанехь дуьххьара демократин хьелашкахь керла президент хоржуш, кхаьжнаш тосуш бара шоьтан дийнахь бахархой. Карзай Хьамид даржехь хийца тарлучех бу мехкан арахьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Iабдулла Iабдулла а, финансийн министр Iийна ГIани Ашраф а.

Маршо Радионе хаам бинчу АвхIанистанан Йозуш йоцчу харжамийн комиссин векала Нур Мохьаммад Нура бахарехь, дика дIабоьлхуш бара харжамаш. Цхьа а тIелатар а ца дина каппашна, амма комиссино дийцарехь, 121 харжамийн го схьабеллаза бисина махкахь кхерамзалла яцарна. Бутт сов хьалха харжамийн хьалхарчу декъехь туьйлира Iабдулла Iабдулла. Президент мила хаьржина хуур ду кху беттан 22-гIачохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG