ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдад гIаттамхойх хьуллуш ю



Иракъан премьер-министра ша Самарра-гIалахь эскархошца къамел деш, элира, махкахь суннатой беха латтанаш дIа а лоьцуш, БагIдадна тIегIерта тIемалой эшон лаамехь герз караэцна ницкъ богIур бу. Телевизионехь махкахь хIоьттина хьал дуьйцуш премьер-министра бохура, БагIдадна 100 чаккхарма гергахь гIаттамхоша дIалаьцна Мосул мукъаяккха ницкъаш бу вовшахтухуш. Луларчу ГIажарийчоьнан президента РоухIани Хьасана дIахьедина, шен Iедал кийча ду БагIдад ларъечохь Iамеркан Цхьаьантоьхначу Штаташна гIо дан, аьлла. «Вайна Iамерка Иракъера терроран тобанаш совцон дагахь хилар гучудалахь, ойла ян мегар ду цунах», бохура РохIанис шен пресс-конференцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG