ТIекхочийла долу линкаш

РогIера гIала а яьккхина Иракъехь тIемалоша




БIеннаш Иракъан эскархой хIаллак а беш, шаьш кхин цхьа гIала а дIалаьцна, хаам бина Исламан Иракъ а, Леванта а пачхьалкх шех олучу боламан тIемалоша. И гIала ю БагIдадна 420 чаккхарма юьстах лаьтта Тал-Афар. Луьра тIом бина гIаттамхоша иза йоккхуш оршоьтан Iуьйранна. Боламо интернетехь суьрташ даржийна, шаьш Иракъан эскаршка керла тIеэцна 1700 эскархо вийна деношкахь яьккхинчу Тикрит-гIалахь, аьлла.

ЦIий Iанор бехкедо Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаменто. ГIажарийчоьнца Иракъехь къепе меттахIоттор дийцаре деш ю Вашингтон, цхьаболчу цуьнан векалша прессехь дийцарехь. Эшахь, ша Штаташна гIодан кийча юйла хаийтина ТехIерано а.
XS
SM
MD
LG