ТIекхочийла долу линкаш

Вазирстанехь тIалибаш байина Пакистано



Къилбаседа Вазирстанерчу тIалибашна тохарш дан долийна оьршотдийнахь Пакистанан тIеман кеманаша. Шаьш 20 гергга тIемало вийна, аьлла, хаам бина эскарийн хьаькамаша, амма йозушйоцчу хьостанаша тIе ца чIагIдина иза.

КIира хьалха Карачин аэропортна тIалибаш тIелатарна бекхам беш, эскарш а, яккхийн тоьпийн дакъош а, кеманаш а хьовсийна Пакистано Вазирстане. КIирандийнахь оцу ницкъаша узбекех болчу тIалибех 105 вийна шаьш бохура эскархоша. Маршо Радионе 150 эзар вахархо мухIажир ваьлла тIемаш боьлхучохь, хаам бира Пакистанан премьер-министра Шариф Наваза.
XS
SM
MD
LG