ТIекхочийла долу линкаш

Бусулбанийн гулам хилла Ставропол-махкахь



Ставропол-мехкан Тукуй-Мектеб юьртахь гулам хIоттийра оршотдийнахь 1000 сов цигарчу вахархочо. Iедална бехке дора наха меттигерчу бусулбанашна цо Iаткъам беш хилар. Нах гуламе баьхнарг ду Мектеб-Тюбехь вахархо Таибов Замир вер. Эпсар хилла волу иза вайра кхо де хьалха. Цуьнан дакъа карийра шолгIачу дийнахь, хьийзина хилар а, герз тохар гуш. Бусулба нахана гIелонаш кест-кеста йо шаьш долчохь, бахьана даьлла кеп а хIоттайой, шайн нах бойу Iедалан ницкъаша, бохуш, масалш а далош, леткъамаш бира гуламхоша.
XS
SM
MD
LG