ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъ ца ларайо гIаттамхошца тIом бан



Сихачу боларца, гIаланаш а йохуш, БагIдадна герга гIертачу Исламан пачхьалкх Иракъ а, Леванта а олучу тIемалойн боламца леташ дара шинарий дийнахь Иракъан эскарш. ТIеман инарлаша а, полицин векалша а бечу хаамашца, тIемалоша шайн караэцнера шинарийн буса БагIдадна 60 чаккхарма герга йолчу Бакуба-гIалин дакъа, амма уьш юхабаьхна Iедалан ницкъаша.

Бахархоша а, пачхьалкхан векалша а дийцарехь, иттаннаш бу белла, шайлахь Бакуберчу набахтера тутмакхаш а болуш. Ткъа БагIдадна 420 чаккхарма юьстахара Тал-Араф ерриг а санна д1алаьцна гIаттамхоша. Яккхий гIаланех Тикрит а, Мосул а ю цаьргахь юьсуш.

Иракъан премьер-министра ал-Малики Нурис оцу юкъанна СаIуда Iаьрба мохк бехке бина цо суннаташна ахчанца а, тIекарло ярца а гIо до аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG