ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарошца юкъаметтигаш меттахIиттош ю Лондон



Ингалсенан арахьарчу гIуллакхийн министра хаам бина, Лондон ГIажарийчохь шен векалт схьаелла кечамаш беш ю, аьлла. Европан Гаагерчу парламентехь къамел деш цо элира, кхо шо хьалха дIачIаьгIна дипломатин векалт схьаелла аьтто луш ду таханлера хьелаш.

«ГIажарийчоь хьелаш эшначу регионехь лулахой бешаш мохк бу», бохура Вильям Хейга. Цунна хетарехь, Малхбузе а, ТехIеран а гергакхачорна пайда бохьуш дара цигахь Хьасан Роухани президент харжар.

Хейга бахарехь, Иракъехь суннатийн тIемалой меттахбовларо гергадаладо ГIажарийчоьнца Лондоно юкъаметтигаш денъяр. Лондонан а, ТехIеранан а дипломатин зIенаш хийдира 2011-чу шарахь Ингалсан векалтна тIелатар дича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG