ТIекхочийла долу линкаш

Газ Европе кхачор оьшу Оьрсийчоьнна



Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс дIахьедина, Оьрсийчоь а, Серби а юха ца йолу Къилбан аса (Южный поток) олу Европе газан биргIа йилларх, аьлла. Белградехь цигарчу дипломатин гIантдеца Дачич Ивицаца бертан кхъамелаш доьрзуш, шинарий дийнахь дира цо и къамел.

Цо бахарехь, ханна бен дац газан биргIа йиллар сацош. Украина юьстах а юьтуш, йилла лерина ю биргIан аса. Хьалхо Болгарис дIахьедира, ша цунна тIехь шегара болх сацабо, аьлла. Оршотдийнахь мехаш бахьанехь галморзахалла юкъайоларца доьзна Оьрсийчоьно сацийна ша Украине хьажош йолу газ.
XS
SM
MD
LG