ТIекхочийла долу линкаш

Дешархой кхин цкъа а хьовсур бу экзамен дIаяла


Оьрсийн меттан экзамен дIаяла лаам хиллачу 22,5 процент нохчийн берашка иза ца ялаелла, хаам бина мехкан дешаран министралло. Ткъа цхьа а вац дуьззина хаарш оцу маттахь гайтина, боху министралло.

Массо а берийн хаарш юккъерчу хьесапе даьхча «кхааннал» сов ца довлу хаарш. Физика къастийначарех ах гергаммо бен а ца елла иза дIа. Кхин меттанаш къастийначу декъах дIа ца елла экзамен эхаммо. Юкъара аьлча, хIора кхоалгIа бер бен дац экзамен дIаелла лоруш. Кхаарий дийнахь кхин цкъа а оцу киртигах бовла гIорта бакъо елла дешархошна.

XS
SM
MD
LG