ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iабдулла Iабдулла ца теша Карзайх



ОвхIанистанехь президентан харжамашкахь кандидат волчу Iабдулла Iабдуллас кхаьжнаш багарбар сацор а доьхуш, кхойкху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацига харжамийн боламна юкъайоларе. Ша ца теша Йозушйоцчу Харжамийн комиссех, аьлла, шен агIор кхаьжнаш луьстуш тергоечаьрга цо дехна, и болх а битина, юьстахбовлар.

Хьалхарчу муьрехь, 45 процент харжамхой шегахьа а болуш, туьйлира Iабдулла. Цо дIахьедина, карарчу хенахь президентан гIентахь Iен Карзай Хьамид харжамашна юкъагIерта, аьлла. Цуьнца къовсалуш шолгIачу гоне ваьллачу кандидата ГIани Ашрафа цкъачунна ца довзуьйту Iабдуллас дечу дIахьедарх лаьцна шена хетарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG