ТIекхочийла долу линкаш

Юха а губернатор хила воллу Черногоров


Оьрсийчоьнан «ГIуллакхан Партино» кху гурахь хуьлучу Ставропол-мехкан губернаторан дарже кандидат веш, хьалхатеттина 2008-чу шарахь шен лаамца и дарж дитина волу Черногоров Александр.

«Со юхавогIу мохк денбан а, иза хазбан а», элира Черногоровс ша хьалхатеттинчаьрга. 12 шо даьккхина цо губернаторан даржехь. Стохка Оьрсийчоьнан юьртбахаман министран когаметта волчуьра дIаваьккхира, балхаца ларавеш вац аьлла. И дарж кхелашкахула къийсира Черногоровс, амма ца туьйлира.

XS
SM
MD
LG