ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байджи гIалина гергахь тIемаш лаьтта Иракъехь





Еарийдийнахь БагIдадна 200 чаккхарма юьстах лаьттачу Байджи-гIалара мехкдаьттан комплекс къовсуш, тIемаш беш бара вовшашца Иракъера суннатой-гIаттамхой а, мехкан эскарш а. Цкъачунна комплекс шиIатех долчу Iедалан карахь ю, хаам бо премьер-министран ал-Малики Нурин агIоно, амма тIом лаьтташ бу.

Ал-Iарабия телевизионо гайтинчу видеоно тоьшалла до мехкдаьттан комплексах цIеяьлла хиларх. Дахначу кIиранах гIаттамхоша дIалаьцначу латтанех ю комплексна уллера Байджи. Iаьмеркара гIо кхачаре сатуьйсу БагIдадо. Кхаарийдийнахь Iаьмеркан конгрессан а, президентан а, дийцаршкахь дара Иракъера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG