ТIекхочийла долу линкаш

Тангиев Тимурна лаьцна кхобур ву кхин а кхаа баттахь



Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело, суьдхо Тесаева Макка а йолуш, шен рогIерчу ладегIаршкахь ша дов луьстучу Соьлж-ГIалин вахархочунна Тангиев Тимурна лаьцна кхаба кхин а кхо бутт къастийна.

Иза дузу кхел йина ялаза хиларца.ТIемало а ву, милцой а байина цо аьлла, шена тоьхначу 26 шарах 11 текхна ваьлла иза набахтехь. Стохка Европан кхело харцо лерина цуьнца лелийнарг, Оьрсийчоь цунна алссам ахча дала декхаре а еш. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело Соьлж-ГIала юхаделла луьстуш ду дов.

Деношкахь кхело а, кхечу низамхоша а шеца харцо лелайо аьлла, Маршо Радиога хаам бира Тангиев Тимура.
XS
SM
MD
LG