ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь гулам хилча...


ГIебарта-Балкхаройчоь --Кавказан ТIом бирзина 150 шо кхачар билгалдоккхуш, Нальчик, 21Сти2014

ГIебарта-Балкхаройчоь --Кавказан ТIом бирзина 150 шо кхачар билгалдоккхуш, Нальчик, 21Сти2014

Деношкахь Ставропол-махкарчу Мектеб-Тюбехь 1000 сов гулбеллачу бусулба бахархоша бехкбаьккхира шайца Iедал тIех шога ду аьлла. Iедал гIеххьачул озаделира протестхойх. Хуьлийла дуй Нохчийчохь и санна гулам тахана? Муьлхачу кепехь протест кхайкхо маьрша бу нах?




Тхо кху тергаллучу хиламашна реза дац, тхуна хIара а, иза а ишта-вуьшта хуьлийла лаьа аьлла, Нохчийчохь гулам –цхьаьнакхетар дIадахьар могIарерчу нахе кхета а ца ло.

Царна гергахь иза, хила тарлуш доцу, цхьа гIан-набарш санна хIума ду. Кхузахь маьрша дац ур-аттал беза-бевзачийн гонехь а, урхаллехь болчарна Iотталуш, реза воцуш хьайна хетарг ала а. КIезиг масалш дац, Iедалдайша бехке лору, царна ца тайна хьажам ларамаза а гIарбаьккхина стаг , ( хуьлда иза болх-некъ боцу могIарера вахархо, я мел лакхара а дарж долуш Iедалан белхо а), балхара вохаварра-м стенна дуьйцу, герзах боттабеллачу наха йиттина охьавиллина. И бакъдерг шайна тIех дика хуу дела бахархой ларлуш бу шайна бан тарлучу тIеIаткъамах.

Бакъду, хеттаршка ваьлча, вайнаха даре до деккъа Нохчийчохь хилла ца Iа сел маьрша доцуш, Iазапе хьал. Цара чIагIдарца иза Пачхьалкхан къеггина билгалонаш, герб а, гимн а, байракх а санна, Оьрсичоьнан таханлерчу дахар-дIахIоттаман чулацам а, хатI а, шатайпа васт а ду. Iедалехь болчара бахархошна тIехь цхьа харцо лелийча, я бехк боцу цхьаъ схьа а лаьцна, ницкъ бина хилча митинг ян тарлой оьгIазбаханчу бахархоша ХIирийн махкахь, масала Мазалкехь? И хаттар ас делира дукха хена дуьйна, болх-некъ болуш цигахь вехаш волчу Парамазов Аслане. Шалхо йоцуш дара цуьнан жоп.

Аслан: « Ахь Мазалкехь митинг яхь хьо хан а тоьхна чувуллур ву-кх. Дешан маршо яц. Нохчийчохь хIун ду ца хаьа суна, амма кхазухь ахь багагIаттаяр хьо чуволлар а цхьаъ хир ду-кх. Iедал цхьаъ дац. Хьо нохчо велахь а, гIебарто велахь а, хьо милла да велахь а хьо хIирий а, гIазкхий а, эрмало а вацахь хьуна дукха хIумнаш доьхкуш ду. И кхо къам ду гулам дIабахьа йиш йолуш. тIаккха а церан яц бакъо Iедална дуьхьала митинг ян»

Соьга дешан маршонах дийцинчу Парамазов санна хьажам бац масала вевзаш волчу яздархочун Хатаев Хьусайнин. Гулам бан тар а ло, иза низамо мага а до боху цо. Цуьнан шен башхаллаш ю, Цу шинца нисделла сан цу хьокъехь ишта къамел.

Хьусайн: « Цхьа а къамел дац кхузахь а бало гулам. Дешан маршо елла мА юй царна муха еллехь а. Нехан барт хила беза. Хьо цхьа хIума дан воьлча хьалха долург хIун ду? Ларбаларрий, хIара хир дуй, важа хир дуй… Хала делахь а иза тIелаца Нохчийчохь а изза хьал ду. Тхан чохь, Нохчийчохь, хьо гулам бан гIортахь, хьуна таIзар боьха хила тарло, хьо цец а волуш, хьуна цамоьттург а хуьлуш.

Масала? Ставропол кIоштехь Iедал мела ду эр ду-кх вай. Ишта мела а дац хьуна. И ахь вуьйцуш верг хIинцца дIахьаьжца цу Iедало дIа а вигна, вийна ву хьуна. Цигахь долчу Iедалан башхалла хIун ю аьлчи. Цигаххьа даима баха а баьхна, оьрсий боцурш дукха бу, массо меттигийн техкина шайн цIерш а йолуш, боьранийн а, баьрнийн а, шунийн а, хина цIерш а... Ишта бехаш бу-кх ногIий масала, шайн цIерш ган а гуш. Оьрсашка и цIерш эша а ца елла меттигаш ю уьш. Цигахь оьрсий боцурш дукха бу. Уьш царна беза-м ца безара, хьаькамашна.Церан дан хIума дац, ша маса тоьпаш а йиттина, байа ца байахь.

Цундела цигахь гулам бича а хьуна а,хьан гергарчарна а бохаме доьрзур дац. Ткъа хIирийн махкахь дерг ловзар ду цхьана агIор. Ямарта делахь а кхузара Iедал луьра дац. Доьнал а кхаьчча адам хьалагIаттахь, гена дала долалахь, хIирийн махкара Iедал цунна ницкъ ца бан додур ду-кх. Ткъа НОхчийчуьра Iедал додур дац,цо адам охьатаIор ду».

Маршо Радио: Аслан, хIинца хьоьга боцу бехк кховдийна, тIаккха а хьо къурд а бина IадIан веза гуламе а ца волуш? Ишта боху ахь тIаккха?

Аслан: "Сан тахана чохь яа сискал а ю, со цхьана дас хьийзош а вац, со цхьанне тIаьхьа а хуттур вац».

Маршо радио: Хьайга орца дехча, гIоьнна оцунна тIаьхьа хIотта тарлой хьо?

Аслан: « ХIуттур-м ву, амма цу диннахьехь цIа а баьхкина, со лаьцца дIа-м вуьгур ву».

Маршо Радио: Шен дагахь дерг дIаала дешан маршо хила еза аьлла ца хета хьуна?

Аслан: «Хила еза, амма я-м яц. Кехаташ тIехь ю, дахарехь яц хьуна, яц хьуна. Жириновский муха элира Думехь вистхуьлуш, »Украинехь майдан ю, ткъа Оьрсийчохь Магадан ю аьлла. Кхин цхьа деха а, доцу а доцуш ду хьуна. Оьрсийчохь хIуъу а хила а мА тарло. Ачакулакехь нохчо вара Ваха бохуш. Шен чохь Iаьшшехь берашна ган а гуш, чу а баьхкина герз тоьхна, и вен а вийна дIабахнера. И хьан дина? Вайх, могIарерчу нахах цхьа да ваьхьар вац неха чу а вахна, герз а тоьхна стаг вен».

Маршо Радио: Оьрсийчуьра хьал хийца а лур ду, Европехь санна ца хилахь а, цигахь долчу дахарна жимма герга а догIур ду аьлла, нахана синтем а хир бу, дешан маршо а хир ю а...

Аслан: «И дегайовхо са-м яц».

Хьусайн: « И маца хир дуй?. Оцу Iедална хаьий ша нахана, къомана даца дезаш дуй, тIаккха хир ду иза. Кхузахь хьал муха хIоьттина? Iедал ду даима халкъана хьехам бийриг. Халкъо бан беза и хьехам. Халкъо барт хатта беза,адам арадала деза».

Муьлххачу а гуламехь я цхьа кхоллараллин цхьаьнакхетарехь мел маьрша ду Нохчийчохь а, Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь а шена хетарг, кхера а ца кхоьруш, юха а ца хьоьжуш, Iорадаккха? Цу хаттарна гонах къамелаш динчара билгал мА даккхара кесталгIа Оьрсийчохь цу декъехь хийцаме дер далуш хIумма а дац, Путин Iедалан корта мел бу-м ирх-пурх а.
XS
SM
MD
LG