ТIекхочийла долу линкаш

Суннатой Иракъера лахка беза боху Иракъан аятоллас



Иракъехь бахархойн доккхах дакъа долчу шиIатийн аятоллас ал-Систани Iелас кхин «волехьа» Iедал кхолларе кхойкху шайн мохк. «Керлачу Iедало керла некъаш белла беза Иракъна», боху цо шен гIоьнчашка махкахь даржадайтинчу дIахьедарехь. Цуьнан цIарх къамел динчу ал-Карбалаи Iабдул-Маьхьдис, суннатойн экстремисташ хьал эрча далале махкара аракхийса беза, элира.

Еарийн дийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака дIахьедира, шен махко 300 хьехамча хьажаво Иракъна т1емалошца къийса аьтто беш, амма эскарш цига гIур дац тIом бан, аьлла. ТIаьмца маслаIат карор дац, Iедал чIагIдала деза Иракъехь, элира Обамас.
XS
SM
MD
LG