ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

300 сепаратист вийна боху Украинехь



Украинан 7 эскархо кхелхина мехкан малхбалехь сепаратисташца леташ. Ткъа президент Порошенко Петро кечамаш беш ву конфликт шен боллучу ницкъаца ерзо. Красный Лиман, Ямполь гIаланашна гергахь, Донецкан кIоштахь бинчу тIемашкахь тIечIагIданза долчу терахьашца 300 террорхо вийна шаьш, хаам бо эскархоша. Зен хилла сепаратистийн дакъош ду Нохчийчохь зуламаш дарца вевзачу Стрелков Игоран куьйга кIелхьара.

Оцу юкъанна машарца конфликт ерзо Iалашо йолуш, Украинан президент ву пайде некъ лоьхуш. Оцу Iалашонца Оьрсийчоьнанний, Украинанний дозанехь 10 чаккхарма буферан зона хIотто еза, боху Порошенкос кечдинчу документо. Герз охьадиллинчу сепаратисташна къинхетам беш а хир бу президентна гуш болу машаран некъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG