ТIекхочийла долу линкаш

Юха а шен пхенаш хедийна Тангиев Тимура



Соьлж-ГIалахь СИЗО-1 изолятор чохь шен рогIера кхел йоьдучу юкъанна Тангиев Тимура шозлагIа а пхенаш хедийна шен, хаам бина Маршо Радиога цуьнан нанас. Цо дийцарехь, хьаькамаша туьйсучу кхерамо валийна иза пхенаш хедоче. Нохчийчуьра кхел а, набахтин дай а тIех луьра бу шеца, ша ГIалгIайчу дехьаваккха бохуш дара Тангиевс массанхьа а кхоьхьуйту кехаташ. Пхенаш хедийнера аьлла доцуш, карцер чувоьллина хIинца Европан кхело бехках хьалхаваьккхина волу тутмакх.

Цунна тоьхначу 26 шарах 10 набахтехь такхийтинчул тIаьхьа, Страсбурган сацам кхочушбеш, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело юхаталла хьажийна Тангиевн дов. Ткъа иза толлуш низамахоша харцо лелайо аьлла хета Тангиев Тимурна а, цуьнан гергарчарна а.
XS
SM
MD
LG