ТIекхочийла долу линкаш

Урдунан паччахь хилла Нохчийчохь



Еарийдийнахь Урдунан паччахь Iабдалла ШолгIаниг Нохчийчу вар а, цигахь иза адамашца вовшахкхетар а йоккхачу къайленехь дерзийна Iедало. Устрада-Эвларчу шен ненан Айманин цIарахчу маьждиге а, ша схьаваьллачу Хоси-Юьрта а вигира Iабдалла ШолгIаниг Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. Хьаша тIеоьцуш, Соьлж-ГIалахь бихкина бара де хьалха дуьйна а дуккха а некъаш, урамаш а, аэропорт а. Нохчийчохь массех сахьт а даьккхина,сихха Аммане юхакхаьчна Урдунан лидер.
XS
SM
MD
LG