ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къу лаьцначохь кхин къу кхуьу


Оьрсийчоь -- Коррупцина дуьхьалояран гулам, Петарбух, 11Тов2013
Оьрсийчоь -- Коррупцина дуьхьалояран гулам, Петарбух, 11Тов2013

Оьрсийчоьнан регионех хьалхарчаралахь ю, цуьнан куьйгалхой тоьллачех бу бохуш кест-кеста, мидалш ухку Кремло Нохчийчуьрчу хьакькамашна. Ткъа массанхьа деха сакхташ карадо цигахь а, оцу сакхтийн эла коррупци а йолуш.




Веза-вевзарг гина, болх-некъ хоттуш хьасане хилча, балхахь вуй хиъча, уггар хьалха лучу хеттарех ду Нохчийчохь «кара хIума йогIий?», «хIума яккха аьтто хуьлий?», «алапах а теш Iаш-м хир мА вац хьо?» бохучу кепехь луш долу а, я царна юххера а хеттарш.

Цу алапах «тоам» цахуьлурш дукха хьолехь, хьаькамийн даржашкахь Iедалан балхахь болу нах бу. Цунна даре до чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло а, мехкан прокуратуро а, кхузахь хьаькамо кхаъ эцний, хьуьллахь миллионаш доладохуш хьарамлонаш лелийний, харц кехаташ а кечдина пачхьалкхан кисана кхевданий бохуш, кест-кеста гIардохуш лаьттачу зуламаша.

ХIора дийнахь бохург санна, массо тIегIанахь, къам кхетош-кхиош, кхайкхош синмехаллаш елахь а Iедалехь болчара деш долу къоланаш, лело харцонаш лахлуш яц дебахь бен. Хийла балхара бохийна куьйгана цIена ца хилла министарш а, лакхарчу тIегIан маьхькIамхой а, кIошташкара гIантдай а. Чот йоцуш дукха балхара мукъа баьхна, низам а талхош, латтанаш духкуш харцонаш лелийна юьртдай а.

Царех цхьаберш-м болх битина дикка хан яьллачул тIаьхьа а жоьпалле ийзош бу, ца динарг дина бохуш, харц бух тIехь кехаташ а кечдеш, шайн хьал-бахам тобарна.

КIоштан прокуратуро хааме даккхарца, хьалха ша Теркйист кIоштан ЧIулга юьртахь гIантда волуш хьарамлонца Iмлн. 400 эзар сом шена сане дерзийна хилла Такуев Висанис. «Колос» цIе йолчу фирмин долахошца берта а вахана, юьртара некъаш тодарна аьлла цо цуьнан чоьте тIе даьккхина хилла оццул ахча боху талламхоша.

Ца бинчу белхашна ахча кисана дилларна бехк токхаман гIуллакх долийна ЧIуьлг-Юьртахь иттаннаш шерашкахь юьртда лаьттинчу Такуевна дуьхьал. Цу кепара юьртдай балхара бохийна а, кхела хьалха хIиттийна а масалш кхузахь дукха ду. Ала дашна цигга Теркйист кIоштера гIантда Ахметханов а ваьккхинера ши шо хьалха балхара дIа, латтанаш тIехула бозбуанчаллаш лелор бахьнехь.

Низаман урхалло официалан Iорадахарца пачхьалкхана баккхийчу барамашкахь зенаш деш берш Iедалан балхахь болу хьаькамаш бу. Заводан кIоштехь бехк токхаман гIуллакх а долийна, чуволла хьийзош ву, совнаха а хаарш-говзалла луш йолчу искусствон берийн 4-чу ишколан директор Ислямов Мохьмад. Талламхоша дийцарехь харц бух а кечбеш, цо берийн похIма лакхадаккхарна хьажо деза ахча лечкъийна. Цо динчу зуламашна 6 шо гергга хан тоха мегаш ду боху цунна говзанчаша.

Соьлжа-гIалара бIаьрзе, ледара са гуш долчу берийн ишкол-интерната хьаькам Джабраилова а ю, бехк токхаман гIуллакх долийна, жоьпе йоьхуш. Цунна бехке диллинарг а ду, балхахь воцург ву а бохуш, масех шарахь, харц бух тIехь кечдинчу кехатех пайда а оьцуш, Iедалан ахча даар.

Суьдехь дов хатта тарлуш ду Соьлжа-гIалин Заводан кIоштехь пачхьалкхан урхаллин бахархошна болх-некъ хуьлуьйтучу Центаран хьаькам Тагиров Муса а. Цо бахархошна ахча а, кхиерг а дIакхачочу хьукхмат-урхаллин директорца берта а вахна, болх-некъ боцчара къастийна ахча къайладаьккхина. Талламхоша чIагIдарца цо болх-некъ боцчарна юкъахь бан а боцу нах тIе а язбеш, хьарам ахча шена дуьтуш хилча. Цо кепара цо хьулам бина I миллион сом сов ахча такхийтина ца Iаш набахтехь яккха хан тоха а сахьт дац Тагировна боху талламхоша.

Мехкан прокуратуран хаамийн хьостано билгалдаккхарца церан низаман урхалло хаддаза шайн тидам-тергонехь латтош ду нийсо-бакъо толийтар, хьарамло-харцонаш чекх цайовлийтар. Бакъду, цхьаболчу могIарерчу наха ечу къароца, прокуратуран белхоша арз-леткъам тIе а ца лоцуш, ца хилча санна тергамза дуьтуш ду ницкъаллин структурех дозаделла, куьг бехке уьш бу аьлла хетало зулам а, Iедалдайх хьакхаделла аьлла жимма а шеко йолу хIума а. Цу хьокъехь шайн цIе а ца йоккхуш дийца лууш берш шорта бу.

Цара дуьйцучун хьесап дича прокуратуро гIардохурш а, юьхьарлоьцурш а ,цкъадолчунна цхьа бехке доцу, юккъерчу тIегIан хьаькам-гIуллакхъхойх доьзна девнаш ду. ШолгIа низамхой вонна а, диканна а хьахо хIуьттуш бац, цара дийцарехь, масех баттахь,боцу бехк тIе а теIош, чохь валлош волчу Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблеян коьртехь волчу Кутаев Русланна санна Нохчийчохь ца богIу ницкъ бар керла хIума цахилар.

Ишта коьрта декхар низам лардайтар долчу урхалло - прокуратуро, тергамза дитна а, дуьтуш ду кхузахь кIоршаме Оьрсийчоьнан низамаш талхор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG