ТIекхочийла долу линкаш

БагIдад ницкъ гойтуш ю



ШиIатех вовшахтоьхначу, ас-Садра Муктада шайхехьа долчу эскаршкара эзарнаш салтий бара БагIдадехь, шаьш суннатойх лата кийча буй хоуьйтуш, вовшахкхетта. Деза герзашца БагIдадан Садр-Сити декъехула чекхбевлира уьш шайгара ницкъ гойтуш. И тайпа гайтамаш дIабаьхна Иракъан къилберчу массех гIалахь - масала, Басрехь, Эн-Наджафехь, Эль-Кутехь.

Суннатойн ницкъаша лаьцна мехкан къилбаседане а йолуш, хьош бу шиIаташа шайн барамаш. Шоьтан дийнахь а дIалецна суннатойн гIаттамхоша цхьацца кегий меттигаш. Иракъерчу шиIаташа гатто латтайо шайца бехачу суннатошна бохуш, орцан кхакхамаш лела Iаьрбийн мехкашкахула.
XS
SM
MD
LG