ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тийналла кхайкхийнехь а, тIемаш лаьтта Украинехь



Украинан дозалардечу урхалло хаам бина, шайн ханашна а, тIеман базина а Донецкан кIоштахь сепаратисташ тIелетта Оьрсийчоьнан агIор, аьлла. Президента Порошенко Петрос Iедалан агIор тIемаш совцийна а лаьтташ, баьржа и тайпа хаамаш.

Агенталлаша дийцарехь, шоьтан буса террорхоша динчу тIелатарехь чевнаш хилла 9 дозанхочунна. КIиранна тIемаш совцор кхайкхийна Порошенкос ша Донецкан кIошта вахначу пIераскандийнахь. Цо ша динчу дIахьедарехь элира, сепаратисташка герзаш охьадахкийтархьама кхайкхабо ша машар, амма и бохург дац цара тIелетарш а деш, пачхьалкхан ницкъаш IадIийр бу бохург.

Сепаратистийн лидера Губерев Павела тIе ца эцна президента кховдийна некъ, шаьш цунах ца теша аьлла. Иза ультиматум ю, тIом сацор дац, бохуш до цуьнгара даржаде къамел. Оьрсийчоьнан министрна Лавров Сергейна хетарехь, уггаре коьртаниг ца тоьа Порошенкон кхакхамна – агIонаша диалог йолор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG