ТIекхочийла долу линкаш

Набахтера араваьлла Беларусера бакъоларъярхо



Набахтера мукъа а ваьлла, Минске цIехьавирзина, мехкан хьостанаша бахарехь, Белоруссехь дика вевза бакъоларъярхо Беляцкий Алесь. Аьчканекъан вокзалехь цунна дуьхьалбаханера цуьнан агIончаш а, доьзал а. Цо журналисташка хаам бира, ша шоьтан дийнахь кхайкхийначу амнистица а догIуш мукъаваьккхина аьлла.

Диъ шо ах шо хан тоьхнера «Вясна» цIе йолчу бакъоларъярхойн лидерна Беляцкина набахтехь яккха 2011-чу шеран гурахь. Бахьане диллинера цо дуьненаюкъарчу бакъоларъяран юкъараллаша деллачу ахчанна тIера Iедална ял дIа ца елла хилар. Бехк тIе а ца эцнера Беляцкийс, ша хьийзор политикан буха тIехь ду аьлла.
XS
SM
MD
LG