ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев - политикан тутмакх



Наркотикаш бахьане а ехкина, нохчийн къам махкахдаккхарна лерина конференци дIаьяхьарна бехке веш кхеле озийна лору Нохчийчохь политик Кутаев Руслан бакъоларъярхоша. Иза политика буха а йиллина, хьийзаво Iедало, аьлла, дIахьедина дуккха а дуьненаюкъарчу а, Оьрсийчуьрчу а юкъараллаша.

Полисхоша шайна ГихтIахь шайн болх беш ларамза, цхьа цIеххьана хиира Кутаевгахь наркотикаш юйла бахахь а, пIераскан дийнахь кхело левинчу тешо бакъдина иза хьалххе дуьйна лаца кечбелла бара низамхой бохург. Изза тIечIагIдеш ду политико ша мехкан администраторна тIекхайкхина конференци бахьанехь аьлла, ша лаца де дуьсуш Маршо Радион корреспонденте телефон тоьхна хилар а.

Кутаев политикан тутмакх ву аьлла дIакхайкхийна еарийдийнахь адаман бакъонаш ларъечу «Мемориало». Цкъачунна тешаш лебеш ю цуьнан дов луьсту Хьалха-Мартанара кхел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG