ТIекхочийла долу линкаш

Нохчий меттан гIайгIанаш къоман тергонехь алссам мел хуьлу а дегайовхо ю мотт тишлур бац аьлла. Оцу тIехь доккха хазна кхуллуш къахьегна вайн къоман дешан говзанчаша, яздархоша, амма церан чкъор хуьйцуш ца баьхкина меттан филологе, къоман литературе оьшшучул керлан нах. Оцо сагатдойту. Цундела боккха кхаъ хулу нохчийн литературехь къоначийн цIерш гучуевлча...


Нохчийн исбаьхьаллин литературин зударийн байталла «самсайоккхуш» ир-кара хIотто еххачу ханна дешан говзанчаш-мехкарий баьхкина, схьагарехь.

Цу хьан деган эвлайисттехь…
Цу хьан деган эвлайисттехь,
Доьтти ас бух боцу цIа.
Цхьана соннехь, тийна тебна,
Хьоьга хьежа диси са.
Беа пена юккъехь-куьзга,
Цу чохь беса гIаларт ду,
Бехк а боцчохь бехказ йохуш,
Иза си тIе хIуьттуш ду.
НеI яц, дийнахь зайл дIабостуш,
Ков дац, буса къовлуш гIуй.
Цу хьан даг тIехь дакъа лоьхуш,
Буйла хуъшехь тебаш къуй.
Кхерч бу шийла, са ду гIийла,
Цо-м ладоьгIу, и-м дIа Iа…
Хьан хабарийн мохо, хьийзош,
Эххар тхов а баьхьи дIа.
Ас цхьа халла, чу са дуьллуш,
Динчу цIийнахь хьан са дац…
Хьуна билла, сох я баккха,
Цхьаллиг-цхьа а бехк ма бац.
Меле-йоле хьуна хуьлда-кх
Ас цу цIийнах хьегна къа…
ХIинца мукъна а тийна-тебна,
Хьоьга хIунда хьоьжу са?

Нохчийн литературан исбаьхьалла шорьеш, цуьнан башхаллин басарш тодещ, хаздеш, вайнехан зударийн байталлин, маьIна-ойланан тIегIа лакхадоккхуш, цхьа хан мосазза йолу, Делан лаамца, стиглара эгча санна, «мичара бовлу» а ца хууш, мехкарий бовлу.

Петирова ПетIамат

Петирова ПетIамат

Хадо даго а ца вуьтуш, ас лакхахь ялийна байт Арсалиева Лубин ю. Суна хIетал-метал ду тIеман кIуьрлахь, ладегIамехь, лартIахь болх беш ишкол а йоцуш кхиъначу церан – Арсалиева Лубин а, Петирова ПетIиматин а мичара исбаьхьаллин литература йовзар а, езар а, исбаьхьаллин дош лепийта лаам-говзалла а? Мичара? Мичахь, мича беркатечу хьостанаша делла церан синхааман турпалхошна хIара чолхе, къиза дахар кхетор а, тидар а?

Со-сайга хеттаре вийлахь а суна сайн хаттар бодашка кхоьссинчу тоьпах тера хета. Сайнне гина яцахь а, мичара,мел хан йолуш ю суна хууш дацахьара лакхахь ялийна байт цхьана хенарчу, дахарехь зеделлачу адамо бен язйойла дац эр дар-кх ас. Цкъа делахь буьйцуш берг безам белахь а Арсалиева синхааман турпалхо, кIорггера философи кхето а хууш, хьекъалча санна а го.

БIеннаш шерашкахь дахаро литтина бакъдерг ду: могIарерчу Iовдалчунна, хьеста мел хьисти а ша хьекъалан да хетар, ткъа нехан кхолламаш луьстуш, даржехь волчунна, хестамаш мел би а ша Дела хетар- хьалхарниг ша волчарна бала бу,шолгIаниг-къомана.

Цу тайпачу «цамгарх» маьрша бу, суна гарехь, Арсалиева Лубин а, Петирова ПетIиматан а синхааман турпалхой. Куьйгана говзачу, кадечу зудчо, забар еш санна, йоьдуш лаьтташехь, къамел а ца хадош, юцучу пазатех, я дечу гIуллакхех тера, дахарехь яста цхьа къайле ян а йоцчух тера ялхайо чолхе ойланаш Петирова турпалхочо а.

Ангалин хилла-кх сан ирсан ага,
Ткъа кохкарш кхолламан сов чорда хилла,
Аганан гIаж лаьцна куьг хилла шога,
Со цуьнан аьрхалло лазийна хийла.

Валти а кечдина,кIохцалех дузуш,
Сан ирсан меттамотт аьхналлех хадош,
Елхаран къурдаша кийра а бузуш,
Цо хийла мохь аьлла, дуьне а Iадош.

Шен бералла мел гIийла хиллехь а, синхааман турпалхочуо леткъамаш бац. Леткъам ца бо хенал хьалха, ангалин ага атаделла дIа а даьлла, хала еъначу замано йоккха хилар шена тIедожийнехь а:

Ангали аталуш, даьржина Iана,
Кога а дахале, ирс акхадоккхуш,
Дезарна кхин дIа а дахарна Iама,
И новкъа хIоьттина, гIийла гIулч йоккхуш.

Цахилларг я хилларг ойланехь луьттуш,
Сатийсам байттамал вовшашца къуьссуш,
Туьйране бIарлагIаш дуьхьала хIуьттуш,
Цо хийла некъ бина кийрахь кIеж туьйсуш.

Мел къаьхьа къурдаш динехь а, тIехIиттинчу халонаша дог Iовжийнехь а турпалхочо цхьангге хьагI-гамо ца кхобуш дагалоьцу шен гIийла бералла, Iаткъаме эшам беш яхна хан:

Ангалин хиллехь а сан ирсан ага,
Кхолламан кохкарш а сов чорда хиллехь,
Сан ирсо безамца лоьцур ду дага,
Шен лерса хьистина агана илли.

И илли дара со Iамийнарг ела,
И мукъам бара со Iамийнарг елха,
И дешнаш дара со,мел хиларх хала,
Сайн вонехь, диканехь ца йитнарг цхьалха.

Арсалиева Люба

Арсалиева Люба

​Арсалиева Лубин а, Петирова ПетIиматан похIме, хьуьнаре, турпалхой дахарна тIера а болуш, дуьне довза хьагам кхобуш адамаш хиларан, шеко ца юьту цара легочу, луьстучу хьаналчу, беркатечу ойланаша а. Ас-м цара, мехала, исбаьхьа дешнаш вовшах а туьйсуш, чIураца юцу пазаташ санна, ойланаш юцу эр дара. Юцу ладоьгIуш верг теша а веш, тIаьхьа а вазош,Iар-дахарх, дуьненан дIахIоттамах цуьнга корта а кегбойтуш.


Хьовсийша Арсалиевас, кхетам «кIамбеш», гилгаш дохуш , лерса ирдеш, «лерга мехий» муха доху:

Iуьйкъе, йола кхана хьо сан шуьне,
Баьрче ялий, соьца марха лаца.
Iаддадита набар доьлла дуьне…
Дукха ду сан хьоьга дийца, ала.

Уггар тоьлларг лур бу хьуна кхача,
Хьан гIевланга буьллур назбар-гIайба.

Iуьйкъе, уггар лераме сан хьаша,
Iуьйре хиллалц юьйцур хьо сайг гIайгIа.

Цхьана дийр ду тховса суннат ламаз,
Деле доьхуш:"Тхан къиношна гечде!"
Вайна йиснарг кIезиг ю хан-зама,
Ткъа кханено, хаац, хIун ду кечдеш.

Кхеташ ду, кхоллараллин адам хиларе терра, синхааман турпалхочуо юьйцург еккъа цхьа Iуьйкъе хилла ца Iай а, адам-дуьне дIатийна, Iаламан тийналле ладугIу хан йунна хьоме стенна ю а:

ТIаьххьара дIабовш бу стиглахь седа…
Хьан кхин Iойла хир дац соьца, Iуьйкъе!
Ча такхийна тача гIийла сега,
Сема бIаьргаш боьллуш йогIу Iуьйре.

Ас хьо тховса, Iуьйкъе, новкъайоккху,
Ала диснарш доллушехь а дукха.
Ас къовлаза йитна неI а йостуш.
Кхана хIокху хенахь йола юха…

Къамел дан а ца деш, дахь а, дах ца деш, доIа санна екало Арсалиева байташ охьаеша са лаьтта.

Со-м ца кхийда цу хьан баьрчче, дуьне,
Я ца оьшу хьан лакхенийн бохь а.
Юх-юха а хуьйшуш цу хьан шуьне.
Базло бах-кха баьччашна а мохь хьан.

Со-м ца гIерта дешнех йотта бIов а,
ХIун до цунах, гIортор йоцуш хилча?
Маццаъ цкъа дIайолу дешнийн шовкъ а,
Дагах кхеташ, ала уьш ца хиъча.

Лохьа, дуьне, меттиг цхьана сонехь,
Син паргIата са ца къуьйлуш яха.
Кхийдийтахьа кхинарш цу хьайн тойне,
Ас дIалур бу сайна богIу кхача…

Ша къаьстина ала догIу Арсалиева Лубас а, Петирова ПетIамата а безаман тема ястарх. Вайнехан зударийн байталла тIех дика евзаш говзанча вацахь а, со чIагIо ян хIуттур вара, шаьш далхориг кхета а деш, и ши йоI санна и тема кхачо йоллуш яьстина дешан говзанчаш- зударий нохчийн литературехь цхьана куьйга пIелгашца багарбаллал кIезиг хилла аьлла.

Хьалханча Гайтукаева Бана а йолуш, дала къинхетам бойла цунах, кхоъ мила ю суна хаьа. Кху Арсалиева байтанца дерзадо ас сайн сайн бертаза дахделла къамел. ЛадогIийша цуьнан «Селхана» цIе йолчу байте, тидаме эцийша, турпалхочунна шен ойла «кхиаме кхачо» карийна шатайпа некъ:

И букъ а берзийна, лаьттара,
Ас цуьнга тIеяхна хаьттира:

Хьо хIокху урамехь вехаш вуй?
Кхузара дIо цига гена дуй?

Ас цунна хьажар тIедуьйгIира…
Леррина цо соь ладуьйгIира.

Цкъа цец а ваьлла,схьахьаьжира,
«Кхузара вац» аьлла, къежира.

Ас бехк цабиллар а дийхира,
Цо соьга лоьмар а йийхира.

Соьца цхьа хабаре велира,
Ши бIаьрг сан хаза бу элира.

Юх-юха а сан цIе а хоьттура,
Суна ша хазвелла моьттура.

Ткъа и ас динчух ца кхеттера…
И суна хьох тера хеттера.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG