ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьне даьккхина лела мухIажирш


ГIалгIайчоь --Мацалла лаьцна нохчийн мухIажирша, ханна шаьш Iачу чоьнашчуьра ара ца бахийта, Магас, 02Тов2013
ГIалгIайчоь --Мацалла лаьцна нохчийн мухIажирша, ханна шаьш Iачу чоьнашчуьра ара ца бахийта, Магас, 02Тов2013

2012 -чу шарахьчул 6 миллион сов адам махках дала дезна даханчу 2013-чу шарахь аьлла яздина ду Цхьанакхеттачу къаьмнийн юкъаралло зорбане даьккхинчу рапортехь. „Тахана дуьненчохь вуно кхераме машар ца тоар даьржина“, - элира цу хьокъехь мухIажирийн гIуллакхийн лаккхара коммисар волчу Гутерреш Антониус журналисташка.





Цхьаццайолчу меттигашкахь шерашкахь дIабоьлхуш болу шира тIемаш а, ткъа кхечу меттигашкахь даханчу шарахь керла буьйлабелла тIемаш а, тIеман тийсадаларш а хьахийра цуо мухIажарийн тулгIе сел лакхаяларан бахьанашна юккъехь. Иштта кху тIаьхьарчу шерашкахь уггаре а инзаре гуманитаран далатохар хилла дIахIоьттина долу Шемара хьал а.

Амма уггаре тамашийнарг кхин ду – хаддаза кху тIаьхьарчу кхаа шарчохь тIом боьдуш болу Шема дIаяьллачул тIаьхьа нах идарна тIехь шозлагIчу меттехь Оьрсийчоь нисйалар ду иза. Коьртачу декъехь Нохчийчуьра а, кхин йолчу Къилбаседа Кавказерчу республикашкара а адам дIадахар бахьана долуш.


Малхбузехь, шена чохь Цхьанатоьхна Штаташ а, Канада а, Европа а лерича, мел кIезга а 250 эзар нохчовеха аьлла ду аренцарчу вайнахалахь лелаш долу гергара терахь. Ткъа муха беха те и нах? ХIун ду те церан керлачу дахарна уггара Iаткъаме дерг? Уггаре а халадерг?

Германехь а, Австрехь а бехачу нохчийн мухIажарлахь ша-тайпа хаттам дIабаьхьира Маршо радионо, цу хеттаршна жоп лоьхуш. Махках а ваьлла, хийралле арабаьккхина хилла некъ бара-те уггаре а халаберг? Я схьакхаьчначул тIаьхьа керлачу меттигашкахь дIатарвала дезар, мотт Iамош, кехаташка сатуьйсуш, болх лохуш? Я хийрачу Iадаташна юккъехь доьзал кхиор дара те?

Австрерачу Линц гIалахь ехачу Гадаева Бирланта иштта дийцира мухIажарийн дахарехь уггаре а халачу киртигах лаьцна.

Гадаева Бирлант: „Некъ а, ел хала белахь а, лов наха. Бераш а мичча а меттехь хьулакхуьу. Муьлха а хало а ловш хуьлу. Дахар атта дац, вай халонаш лан Iемина а ду. Амма ахь цIа туьйсуш долу са – иза ду-кх уггаре а халадерг. Хьайна нахана сагатдар, хьайна нахана юккъехь а воцуш хьо Iен везар хала ду. Араваьлча, луларчу ураме ваьлча я цхьана сохьтехь некъ бича хьайн дена а, нанна а хьо тIекхача йиш ца хилар, араваьлча хьайн ненан мотт хьуна хезаш ца хилар – ма хала ду-кх иза лан“.

Венехь ехачу Бетергалиева Асет дийцарехь, Европерчу нахана а, хьукматхошна а нохчи муьлш бу ца хаар, уьш стенна махках бевлла бу ца хаар а, вай Европина ца довзар я башха довзахьаьгна иза ца хилар лара мегар ду уггаре а халох дерг.

Аймани: „Вайн нохчийн къам хIун къам ду, вайн муьлш ду ца хууш хIорш хилар ду хала. Дуьненан дукха Iилманаш Iамийн бу хIорш, амма вайх лаьцна кхарна хууш цхьа грамм хIума дац, ур-аталла географи агIо схьаэцча а, вай мичара схьадаьхкина ду ца хаа кхарна. Юург ло кхара, чуваха меттиг а ло, тесна а ца вуьту.

Амма цу цхьана кхачанца дехаш ма дац адам, адамна син кхача а ма оьшу. Ткъа нохчийн кхам буу кхача кхуьйсуш лелла къам дац, цу кхачанца бехачу наха маршонехь къийсам ца латтабо вай санна. Вайн юучул совнаха кхин синкхачанаш а, маршонаш а езаш адамаш ма ду. Ткъа Европа вай иштта тIеэца кийча яц“.

Дуккхаъ шерашкахь Австрехь нохчийн а, нохчийн боцучу а мухIажарца белхаш беш ю социалан Iилма Iамийна йолу Тасуева Тамара. Цунна зеделлачух хIун ду те мухIажаршна аренца уггаре а чIогIа ницкъ беш дерг, царна ла хала дерг аьлла хаьттича, Тамара иштта дийцира.

Тасуева Тамара: „Иштта хIара цхьаъ ду уггаре а халадерг аьлла билгалдаккха хала ду. Дуккхаъ хIумнаш ду цу юккъе догIуш. Амма коьртачу декъехь, соьга хаьттича, вайнахана шаьш арадовлучу хенахь и вайн мохк, и Нохчийчоь муьлхачу хьолехь яра бохург мелла а дицделча санна хета суна. Цигахь хIинца хаза тоделла хьал а ду, тIом бац бохург хета. ЦIерачаьрна сагатло, цундела шайн цига баха бакъо яцахь, шайна цигахь кхерам белахь а, мичча агIор а цига кхача гIерта. Иза хета суна уггара йоккха хало“.

Тайп-тайпана бу Малхбузене схьабаьхкина, кхузахь баха гIертачу нохчийн мухIажарийн кхолламаш. Иштта тайп-тайпана ду уьш кхуза кхачийн некъаш а, бахьанаш а. ХIетте а, массеран а цхьа юкъара кхоллам бу церан ала йиш ю – ДегIастанна сагатдар, цуьнга сатийсар, цига ца кхочуш шаьш дисарна кхерар.
XS
SM
MD
LG