ТIекхочийла долу линкаш

Харьков теша шайн мехкан президентах



Украинан малхбалерчу Харьков-мехкан губернатора Булат Игора бахархой кхойкху президента Порошенко Петра дIахьебина машар къобалбаре. Украинехьай, Оьрсийчоьнехьай болу жигархой шайн шахьарахь кIирандийнахь вовшахлеттачу хьелашкахь и санначу къийсамех ларбалар дийхира цо нахе.

КIиранан сарахь немцойн а, оьрсийн а арахьарчу гIуллакхийн министрша Штайнмайер Валтерий, Лавров Сергейссий телефонехула дийцаредира Украинера хьал. Оьрсийчоьнан дипломатино хаам бина оцу къамелехь шина агIоно шайна тIэцна Украинан малхбалера тIемаш совцорхьама шаьш хьовсур ду Iедаллий, сепаратисташший бертан гоне ховшо аьлла.

КIирандийнахь Оьрсийн президента Путин Владимира а элира, ша къобалйо Порошенкос машар лохуш йоху гIулчаш, амма гIуллакх хир дац, нагахь санна тIемаш бен ши агIо бертан дийцаршка ца хиича, аьлла.
XS
SM
MD
LG