ТIекхочийла долу линкаш

Путинна ца оьшу хIинца Украине эскарш хьовсор


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира Федерацин кхеташоне дехар дина, Украине эскарш хьовсо шена елла хилла бакъо юхаяккхахьара аьлла. И сенаторша кхочуш дийр ду, церан хьостанаша бахарехь, кхаарийдинахь. Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс элира журналисташка, и дехар президента Украинан малхбалера хьал тодалийтархьама дина, аьлла.

Украинан президента Порошенко Петрос дIахьедина Путина дуьххьара бакъйолу гIулч яьккхи шайн мехкан малхбалера кризис йижорехьа, аьлла. Путина Украине эскарш хьовсо бакъо йийхира шена парламенте кхо бутт ах бутт хьалха. Оцу бакъонах ша ваккхар цо дехна Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министрша оршотдийнахь Брюсселехь вовшахкхеттачохь, Кремло Украинаца харцо лелор ца дитахь, Оьрсийчоьнна иза экономикехь къовзор йолу санкцеш духьулъяха еза аьлла а лаьтташ.

XS
SM
MD
LG