ТIекхочийла долу линкаш

Харжамаш нийсонан хорша берзош ю Кабул


ОвхIанистанан Йозушйоцчу Харжамийн комиссин коьртера президентан харжамашкахь харцо лелийна бохуш вуьйцу Iамирхаил Зия-ул-Хьакъ даржера дIавалар къобал до бахархойн доккхачу декъо а, президента Карзай Хьамида а. И хьаькам даржера дIавахна оршотдийнахь, халкъан барт ца бохийта воьду ша аьлла, дIахьедар а дина.

Боьрзуш болчу президентан харжамашкахь тола таро йолуш ларало Iабдулла Iабдулла вара Зия-ул-Хьакъ харцонашна бехкевинарг. Амма цуьнца дарж къовсуш волчу Ашраф ГIанис а даржийна, и хьаькам дIавахаро нийсонна некъ баьккхина аьлла.

XS
SM
MD
LG