ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоь герзех цIанъеш


ТIаьххьарчу кхаа бетта чохь 800 эккхаза хIоъ схьабаьккхина Нохчийчоьнан лаьттара, аьлла, хаам бина мехкан тIеман комендатурано. ТIеман министраллан цIарх и болх бечу декъера ду и терахь. 24 гектар аре ю герзах дIацIанйинарг. Белхаш дIабаьхьна Шуьйтан, ТIехьа-Мартанан, Веданан, Соьлж-ГIалин кIошташкахь. ТIеман комендатурано бахарехь, кхин а 2400 гектар аренаш а, хьаннаш а цIанйийр ю минанех, хIоьънех.

XS
SM
MD
LG