ТIекхочийла долу линкаш

Ал-Малики реза вац Iедал хийца


Иракъан премьер-министра ал-Малики Нурис тIе ца оьцу махкахь, тIемаш бечу суннатийн лаамаш чоьте а оьцуш, къоман бартбен Iедал харжа деза бохург. Ша телевизионехула динчу къамелехь кхаарий дийнахь, иза пачхьалкхехь, конституци а талхош, бан кечбеш карчам бу, элира цо.

Суннатойн гIаттамхоша а, ал-Къаидан тIемалоша а, вовшашца барт эгIарна, шина декъе а бекъабелла, доладо Иракъан ах-декъах. Бартбаран Iедал кхолла деза бохуш дара кху кIиранах Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Керри Джона БагIдадехь дина къамел. Оцу хьокъехь иза цхьаьнакхийтира Иракъан къилбаседанехьа лаьттачу курдойн автономин лидершца а.

Оцу юкъанна суннатойн дакъош тIелетта махка хIаваэхула Iамеркара тIеман хьехамчаш охьабиссон кечъечу кеманийн базанех цхьанна.

XS
SM
MD
LG