ТIекхочийла долу линкаш

Расмуссена емалйо Оьрсийчоь


Атлантикан тIеман альянсан (НАТО) инарла секретар Расмуссен Андерса дIайолийна мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн кхеташо. Цигахь цо хьахийра, мел шатайпа бу Украинехь, Оьрсийчоьно цим а туьйсуш, боьду тIом. Брюсселехь йоьдучу оцу диалогехь дийцаредо Иракъера хьал а. Рассмуссен Андерса алссам тидам тIехьажийра Кремло Украинана бечу тIеIаткъамна.

Москох тIеман керла кеп юкъаяьккхина хьийза, тIамах тIом ала а атта доцуш, Оьрсийчоьно бохийна ша дуьненца лараме хила бина барт, элира Малхбаленан тIеман альянсан куьйгалхочо.

Иштта Расмуссена дийцира, альянсо Черногорица бартбар сихадийр ду и пачхьалкх тIедогIучу шарахь НАТО-н декъашхо ян, аьлла. Хьахийра, Гуьржийчоьнца а ду альянсо шена гергаялош къамелаш деш, аьлла, амма ца бохура гуьржийн маца хир бу НАТО-н декъахь.

XS
SM
MD
LG