ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путина Iамерка а ялхош, шена луъург до халкъах"


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир

Мел бала кхочуш вац аьлла хеталучу нохчочо, самонца ла а дугIуш, тидамехь латтабо Украинера кхето атта боцу хиламаш. Дукхахболчара ларране а ца лору цигахь тергалллуш долу чолхе хьал шен раж-лаамехь дIадоьдуш санна. Цара кхеторехь цу хьолана юьхьанца дуьйна а тIеIаткъам бийриг Оьрсийчоь ю.

Цхьа кIеззигчу бахархоша, беш хьулам боцуш, мукIарло до, Оьрсийчоьно Украинера хьал шен бIаьргаIуналлехь латтор вуно нийса а ду, юьхьарлаьцнарг дика некъ а бу, и ца динехь Нато тIеман ницкъаш Оьрсийчоьнна юххе схьакхочур бара бохуш. Цу декъехь,ахгIайре ГIирма юхаерзорехь а, Украинерчу хиламашна тIеIаткъам барехь а цара хастаме валхаво Путин Владимир.

Бакъду, дукхах болчара тидарехь цу стагна мА лиъанехь цхьалхо ер вер-ваккхарш ду Донецк а, Луганск а кхечу а кIошташкахь лелош йолу эрчонаш. Украинехь дахар синтемечу хорша дерзо уггар хьалха Путинан лаам оьшу аьлла хетачех ву Шелан кIоштера Хьасан.

Хьасан: «Соьга хаьттича гIазкхи Iедал муха ду аьлчи, пачхьалкх ала гIерта со, кхузахь тIеоьцу сацам, и мел мехала белахь а, бийцаре беш бац. Коьртехь волчунна лиънарг чекхдоккхуш ду мел раз делахь а. Хьажал Путина Владимира март баттахь шена бакъо яьккхира Украинехь эскаррх пайдаоьцу магош, ткъа тахна и бакъо ю иза я низам ду иза цо Матвиенко ала а аьлла, сенаторш бу бохучаьрга юхаэцийтина. Кхин дIа Украинехь тIеман ницкъех Оьрсийчоьно пайдаэца мегар дац боху.

ГIирма ахгIайре долаяьккхина яла мА яьлла. Цхьа кхин хIума дагадеъначух тер аду царна, я дерриг дуьне шайна реза цахиларна юхабовла бохку а хаац. ХIорш юкъа а ца гIерташ севццехь цигахь тохара машар хир бара, тIом хилла а хир бацара. Веккъа цхьа оцу Путина ца лиънехь цIий Iаьнна а хир дацара цу пачхьалкхехь. Кхера кIелдехкина лелош дукха хIума-ямартлонаш ма хуьлу.»

Маршо Радио: Хьуна мел бух болуш хетта, дийнахь бусий 2оо доллар лур долуш, шайн лаамехь Украине баха дIаязбеш нах бу бохург?

Хьасан: "Ца хаьа. Эладитнаш санна хабарш-м ду дуьйцу бакъ ду ала-м ца хаьа. Ас сайн гергарнигга-м вохуьйтур вацара неха тIамтIе".

Луларчу Украина пачхьалкхехь хIоьттина луьра тIеман хьал пайдехьа дирзинарг тахана, хьаъа а, хIуъу а дийцича Оьрсийчоь лоручех ву сан къамел хилла Хьусайн.

Хьусайн: «Оцу Украинерчу хиламийн хьесап дича аьтто хилларг ОЬрсийчоь ю. Цигара кегаре бахьанехь, украинахой маллушехь цо ГIирма долаяьккхина. Цундела леррина кхоьллича санна хета суна цигара хьал. Оьрсийчоьно Iамерика а ялхош шайн гIуллакх дина».

Оьрсийчоьнан аьллар –лаам тIехь Украина ца сацахь цигахь вуно чIогIа цIий Iенар ду аьлла тешначех ву соьлжагIалахо Сайд-Мохьмад. Цо боху.

Сайд-Мохьмад: «Украинера хьал Оьрсийчоьно шена лаа ма лиънехь, шена лаахь тахна а сацо ницкъ бу. Церан вон кхаж бер бу нагахь уьш Россино бохучунна тIехь совца ца совцохь».

Украина хьокъехь къамел мел диначеран юкъара,вовшех тера догIуш цхьа хIума дара-цара массара а къаро йо,кочар а хилла цигахь тергалло къизаллех буьзна хиламаш совцо охIла ерг Оьрсийчоь ю аьлла а, уьш совца Путин Владимир цхьа дош тоаме ду аьлла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG