ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемин кеманаша тохарш дина Иракъехь


Иракъан премьер-министра дIахьедина, Шемин кеманаша тохарш дина шайн махкахь, аьлла. Дозанерчу Ал-Къаим гIалина ракеташ йиттина Мангал-беттан 24-чохь, хаам бо Иракъан тIеман урхалло а. Ткъа Шемин куьйгалло иза бакъ ца до. БагIададо и тайпа гIо Шеме ца дехнехь а, ша къобал до суннатийн гIаттамхошна зенаш дар, боху Иркъан премьера.

Еарийн дийнехь Парижехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн дипломатин лидеран Керри Джонан Иракъерчу хьолах лаьцна къамелаш хилла Израилан а, СаIуда Iаьрбийн а, Урдунан а куьйгалхошца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG