ТIекхочийла долу линкаш

Ян кхайкхийна фестивал хир яц Пятигорскехь


Ши бутт баьлча Ставропол-мехкан Пятигорскехь хила еза «Иллийн, исбаьхьаллин, хелхаран» дуьненаюкъара фестивал хир яц, аьлла, хаам бина иза кечъеш хиллачара. Иза цара дузу Оьрсийчоьно Украинехь харцо лелайо аьлла шайна хетарца. Дуьненан маьI-маьIехь и фестивал дIахьо ду 30 сов шо, хилла 17 пачхьалкхехь. Пятигорскера культуран барам дIабахьар доьхуш дIахьедар дина оьрсийн дуккха а артисташа, культуран векалша, шайлахь Говорухин Станислав а, Леонтьев Валерий а, Меладзе Валерий а, Кавказера дуккха а артисташ а болуш.

XS
SM
MD
LG