ТIекхочийла долу линкаш

Стенна тарво Путин ХIитлерах?


Австри --Путин махка варна дуьхьал хIоттийначу гуламехь, Вена, 22Ман2014

Австри --Путин махка варна дуьхьал хIоттийначу гуламехь, Вена, 22Ман2014

Малхбузехь кест-кеста фашистийн Германин куьйгалочуьнца ХIитлер Адольфица вустуш верг Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ву. ХIораза а Кремлана вуно цадезало и дустар. Ткъа иза дина хIинцале Iамеркан пачхьалкхан секретарна тIера Британин принце кхаччалц болчу бевзачу наха.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Клинтон Хиллари. Британин принц Чарлз. Литван президент Грибаускайте Даля. Германин финансийн министр Шойбле Вольфганг. Вевзаш волу оьрсийн-украинхойн журналист Шустер Савик. ХIун ду-те цу сел тайп-тайпанчу нехан вовшашлахь юкъара?

Иза дера ду цара массара а кху тIаьхьарчу масех баттахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран леламаш а, амалш а фашистийн Германин хиллачу куьйгалхочун ХIитлер Адолфан леламашца а, амалшца а дуьстина хилар.

Украинерчу ГIирма-ахгIайренна гуонахьара хиламаш буьйлабелчу муьрехь, зазадоккху бутт болалуш, вевзаш волчу оьрсийн-украинхойн журналиста Шустер Савика шен телегайтамехь массарна а хозуьйтуш билгалдаьккхира, Путин Владимира лелориг шен хенахь ХIитлер Адольфа лелийнарг санна хIума ду аьлла. «Шустер LIVE» программехь: „Тахана Европехь Путин – иза ХIитлер Адольф ву. ГIирма - иза Австри а, Судеташ а ю. Ткъа Украина – иза Полша санна ю. Господин президент, Украинина оккупаци ян кечлуш ву хьо. Ткъа кхин дIа хIун до ахь?“ - элира, Оьрсийчоьнан президенте вистхуьлучуха.

Иштта Шустер Савика элира, ХIитлерний, Путинний юккъехь цхьаъ бен башхо яц аьлла – иза, и башхо, Шустера дийцарехь, ХIитлер миллиардер хилла ца хилар ю.

ХIетахь цу программехь дакъалоцуш хилла волу Украинин хьалхалера президент Кравчук Леонид а тIетайра журналистан дешнашна. „Путина Украинина дуьхьал тIом баккха йиш ю. Амма тIаккха цунна шена дуьхьал Москохара Нюрнберган процесс хир ю“, - элира цо.

Австри --Путин ХIитлерх тарвеш суьрташ дара иза шайн махка вар ца тайначу гуламхошкахь, Вена, 22Ман2014

Австри --Путин ХIитлерх тарвеш суьрташ дара иза шайн махка вар ца тайначу гуламхошкахь, Вена, 22Ман2014

Дера, олийла дац Шустера дIадолийна Путин а, ХIитлер а цхьаьна могIаршлахь вийцар аьлла. Амма хIетахь дуьйна хийлаза яьккхина Оьрсийчоьнан президентан цIе ткъолгIачу бIешарера уггаре а инзаре стаг санна вуьйцуш волчу нацистийн Германин куьйгалочуьнца цхьаьна. Иштта, масала, Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар йолчу Клинтон ХIилларис а элира оццу зазадоккху баттахь цу рогIера дешнаш.

Калифорнехь шен агIончашца къамел деш цуо аьллера: „Нагахь санна хуьлуш долчуо цхьа а хIума карладоккхуш делахь, иза ХIитлеро 30-чу шерашкахь лелийнарг ду. ХIитлеро даима а дуьйцура, немцошца, немцойн къомах болчаьрца, немцойн орамаш долчаьрца Чехословакехь а, Румынехь а , кхечу меттигашкахь а бехаш болчу, харцонаш лелайо, бохуш. „Со ваха а вахана, сайн къомехьа гIо даккха дезаш ву“ бохуш. Иза ду-кх массаьргахь сингаттам кхуллуш берг“, аьлла.

Дукха хан ялале немцойн финансийн министр волчу Шойбле Вольфганга, ша Берлинехь дешархошца цхьаьнакхеттачох вуьстира Путин Владимир ХIитлерца. „Оьрсаша боху, хIинца Украинехь Iедалехь берш фашисташ бу, оьрсийн бахархошна кхерамаш туьйсуш болу... Иза дерриге а вайна исторера девзаш ду. И санна методаш яра Судетийн кIоштахь ХIитлерс юхьаралаьцна хилларш а“, - элира цуо.

Венерчу Малхбалин Европин институтан Iилман белхахо волчу политологна Чапханов Русланна хетарехь, Оьрсийчоьнан президент ХIитлерца вустар хIинца доладелла дац, Украина бахьана долуш хIинца иза хьалхачул кест-кестох декахь а. Итт шо сов хьалха ша Мюнхенехь динчу цIеяхханчу къамелехь Путин Малхбузенна кхерамаш тийса волавелча дуьйна схьа кхолладелла ду и дустар.

Чапханов: „Мюнхенехь Пуинс къамел дича дуьйна схьа цунний, ХIитлерний юккъехь параллелаш яр схьадогIуш ду. Цуо леллош йолу политика чIогIа тера ю, хьалхара дуьненан тIом дIабаьллачул тIаьхьа Германехь хиллачух. Версалера барт динчул тIаьхьа Германехь дара иштта хьал: цу барто Германи эшамехь йитина, шайн пачхьалкхе йоха а йина, экономика а хIаллакйина шайн бохург дара хIетахь немцошлахь даьржина хилларг.

Изза комплекс йолуш Оьрсийчоь а ю. Советийн пачхьалкхе йохар бахьана долуш шаьш массо а хIуманна тIаьхьадиссина аьлла хеташ, шайн экономика а йоьхна, бохуш, зенаш а хилла шайна бохуш. Цара хIинца лелош йолу политика а, уьш Украинина тIелатар а цигара схьа ду. ХIитлерс а олура, тхо тIом баккха гIерташ дац, дуьненан къепе йохон гIерташ а дац, олий. Путинан гуоно а изза боху“.

Дукхахьолехь, шайна ца товш долу я шайна санехь доцу хIума хезча я хилча, цхьа а тайпа комментарий а ца еш Iар хоржуш болчу Кремлерчу Путинан гIоьнчаша а, хьехамчаша а, мелхо а, вуно лазаме тIеоьцу шайн куьйгалхо фашистийн Германин баьччица вустар.

ХIораза а оьгIазе дIахьедарш хазадо Путинан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло а, Малхбузера рогIера Путин -ХIитлер цхьаьнадозар декча. Политологна Чапханов Русланна хетарехь, иза доьзна ду уггаре а хьалха таханлерчу Оьрсийчоьно фашисташна тIехь баьккхина болу толам беккъа цхьана Оьрсийчоьно баьккхина бохург чIагIдеш хиларца а, цу толаман декъа цунна цхьа а ваийта лууш ца хиларца а.

Чапханов: „Ши фактор ю цигахь. Хьалхарниг – иза Оьрсийчоьно ШозлагIчу дуьненан тIамехь толам баьккхинарш шаьш цхьаъш ду бохуш пропаганда еш хилар ду. Цунах цхьа культ йина цара, вайн дайша доллу дуьне а фашизмах паргIат даьккхин бохуш. Даккха ма ца даьккхиний цара. Мелхо а, тIом дIабаьллачул тIаьхьа ах Европа схьа а яьккхина Iийна уьш. Цу толамна цхьа ша-тайпа монополи кхайкхина цара. Цундела иштта хала хета царна Путин ХIитлерца вуьстича. Ткъа шозлагIа фактор – иза шен долахочунна цхьаъ аьлча, цуьнан хьадалчанша даима а лелош долу Iадат ду – сан долахо иштта вац хьуна, сан долалахо дика ву хьуна бохучу кепехь. Делахь а, коьртаниг – хьалхара фактор ю“.

Амма Кремло мел оьгIазе реакци йовзийтахь а, Кремлан коьртачу гIентан да фашистийн баьччица вустар дела денна аьлча санна даьржаш ду Малхбузехь. Иштта, Британин принц волчу Чарлза, ца ваьлла бен политикан хеттаршна юккъе ца гIерташ волчу, стигалкъекъа баттахь Лондонерчу цхьана музей ша цкъа мацах ШозлагIа дуьненан тIом болчу хенахь фашистех едда Канаде дIаяхана хиллачу Фергюсон Мариен цIе йолчу зудчуьнца къамеле ваьллачехь аьллера: „ХIинца Путин ву ХIитлер Адольф санна лелаш“, - аьлла.

Ткъа масех де хьалха Литван президент йолчу Грибаускайте Даляс немцойн „Фокус“ журналана интервьюхь билгалдаьккхира, Путина нехан къомаллех тIеман ницкъашца пачхьалкхе схьаяккхарна тIехь пайдаоьцу, аьлла. „Изза дара Сталинс а, ХIитлерс а лелийнарг. И тайпа дустар дукхе-дукха бакъдолчуьнца догIуш а ду“, - элира цуо, украинхошна хилла ца Iаш, Балтерчу пачхьалкхашна а, Полшина а Оьрсийчоьнан агрессих кхерам хилар а хьахош.

XS
SM
MD
LG