ТIекхочийла долу линкаш

Евробарт шорлуш бу кхин а кхааннах


Брюсселехь Евробертаца экономикан а, политикан а юкъарлонаш лелон сацам бина Украиной, Гуьржийчоьной, Молдовассий. И кхо пачхьалкх Оьрсийчоьно бечу тIеIаткъамах юьстахйоккхуш бу цара Малхбузенца бина барт.

Европан кхеташонан куьйгалхочо Ван Рампей ХIермана, «тIаьхьерчу тIаьхьенашна а дагахь лаьттар ду хIара де», элира шен къамелехь. Сацам Оьрсийчоьнна зен дархьама беш бац, бохура цо а, Еврокомиссин лидера Мануэль Баррозу Жосес а. Боккха лаам бу шайн мехкан европан доьзалх дIакхетар, аьлла дара Гуьржийчоьнан премьер-министра Гарибашвили Ираклийс дина къамел. Иштта бохура Молдован премьера Лянке Юриес а.

Украинан президента Порошенко Петрос шен махко боккха мах охьабиллина европехьа сатисарца», -элира. Президент Iийначу Януковича цIеххьана Европаца барт бар юхаэцаро кхачийра иза дарж дуьтуче Чиллан-баттахь.

XS
SM
MD
LG