ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евроберто бехко йо Оьрсийччоь


ПIераскан дийнахь Европан лидерша сацам бина Оьрсийчоьнна керла санкцеш дуьхаьл ца яха, цуьнан меттана дIакхайкхийна, шаьш 72 сохтехь ладоьгIур ду Кремло Украинаца доьзна оьшшу гIулч яккхаре, аьлла.

Европан Кхерамзаллехула, Цхьанаболхбарехула йолчу организацино мониторинг а еш, тIом сацор а, лецна нах дIахецийтар а, Украинан дозанехь дIалецна хаден меттигаш сепаратисташка дIахоьцуьйтуш гIодар а ду, Киевца бертан къамелаш долор а ду Москох Евроберто дан декхаре йийриг. Кху беттан 30-чу дийнахь жамIаш а зуьйш, бийр бу шаьш шайн сацам, бохура лидерша.

Ишшта рогIехь хинволчу Евробертан лидеран кандидатура а йира Брюссело йийцаре. Царех цхьаъ яра Люксембургхочун Юнкер Жан-Клоданиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG